ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лондонехь гуллуш бу Олимпиадан декъашхой



Эзарнаш спортхой гуллуш бу Лондонехь. Цигахь кху беттан 27-чу дийнахь дIайолалуш ю 2012-чу шеран аьхкенан Олимпиада. Лондонна гена йоцуш йолчу ХIитроу олучу кеманпортан кхерамазалла ларъечу эпсарша дийцарехь, оршотан дийнахь цигахула чекхвала везаш вара 236 эзар 955 некъахо – даиман а хуьлчул а сов 45 эзар стаг.

Iедалша кхо эзар ах эзар эскархо хьажийна Олимпийн Ловзарш дIадоьлхуш кхерамазалла ларъечу тобанашна гIо дан. Лондонна малхбалехь йолчу Олимпийн эвлахь дIатарбийра болуш бу 200 пачхьалкхара баьхкина болу 16 эзар спортхо а, официалан векалш а.

2012-чу шеран Олимпиада дIайоьрзур ю Марсхьокху-беттан 12-чу дийнахь.
XS
SM
MD
LG