ТIекхочийла долу линкаш

ТIемало вийна полицино Дагестанехь



ТIемало ву аьлла, жимастаг вийна Дагестанехь Табасаран-кIоштахь полицин белхахоша. И стаг гоне лаьцна хилла цара Цлах олучу эвлахь цхьана хIусамехь. Полицин белхахоша чIагIдарехь, кара вола аьлла, шега дехар дича, цу стага герз диттина царна тIе.

Оццу хенахь Кулих олучу эвлахь тIемалошна гIо деш хилла аьлла, полицино дIалаьцна 47 шо долу меттигера вахархо.
XS
SM
MD
LG