ТIекхочийла долу линкаш

15 шо хан тоха мега Мирзаевна



Москох Замоскворецкий олучу кIоштан суьдо хьалхарчу кепехь хатта долийна буй тоьхна 19 шо долу Агафонов Иван вийначу спортхочуьнан Мирзаев Расулан дов. Суьдхой реза ца хилла таллам кхоччуш дIабаьхна бац аьлла, прокуратуре и гIуллкх юха таллийта аьлла, Мирзаевн адвокаташ дина долу дехар кхочуш дан.

Талламхоша дийцарехь, стохка Москох буьйсанна болх бечу клубана хьалха дов даьлла хилла Мирзаевн а, Агафоновн а. Мирзаевс буй тоьхна хилла маьттаза бага етташ волчу Агафоновна. Масийтта де даьлча иза велла.

Нагахь Мирзаевн бехк хилар тIечIагIдан аьтто балахь, цунна чохь яккха хан тоха мега 15-тта шаре кхччалц.
XS
SM
MD
LG