ТIекхочийла долу линкаш

Белхан визитаца Москох вахана Туркойчоьнан премьер-министр ЭрдохIан



Тахана белхан визитаца Москох веана Туркойчоьнан премьер-министр ЭрдохIан Тайип Реджеп. Оьрсийчоьнан куьйгалхошца иза йийцаре ян дагахь ву шина пачхьалкхан юкъаметтигаш а, Шемара хьал а. ЭрдохIан цхьанакхета дагахь ву президентаца Путин Владимирца а, кхин болчу лаккхарчу даржахь болчу Iедалхошца а.

Оьрсийчоь коьрта бертахо ю Шеман президентан Асад Башаран. Кремло мосуьйттоза юхатоьхна цуьнан режимана дуьхьал дуьненаюкъаралло кхайкхо гIертош йолу санкциш.

Шемаца доза долу Туркойчоь ира критика еш ю 17 000 стаг а вуьш Асадан режимо шайн махкахь еш йолчу репрессишна. ЭрдрхIан а, Путин а йийцаре ян дагахь ву шайн экономикан юкъаметтигаш.
XS
SM
MD
LG