ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIематасадалар хилла Димашкъехь


Шеман коьртачу гIалахь Димашкъехь Iедалан гIишлонна хьалха тасадалар хилла герзаца йолчу гIаттамхойн тобанан а, Iедалан ницкъийн а. Меттигерчу бахархоша дийцарехь, Асад Башарана муьтIахь болчу эскархоша яккхийн тоьпаш йиттина Димашкъ-гIалийн йистошка. Цигахь тIемаш боьлху 4-гIа де ду.

Кхаарин дийнахь, лаккхара Iедалан кхо белхахо а вуьйш,эккхийтар динчул тIаьхьа цхьа а дIахьедар ца дина президенто Асад Башара.

Тахана Шеман Iедалшна дуьхьал керла санкцеш кхайкхош Малхбузерчу пачхьалкхаша кечйина резолюци йийцаре йина Цхьаьнакхетначу Къаьмнийн Вовшахтохараллан кхерамазаллин кхеташоно. Китайно а, Оьрсийчоьно а тIе вето йиллана оцу документна.
XS
SM
MD
LG