ТIекхочийла долу линкаш

Израилан туристаш байина Болгарехь, эккхийтар а дина



ТIаьхьара болчу хаамашца 5 стаг вийна, 30 стаг лазийна Болгарехь Бургас-гIаларчу кеманпортехь, Iожалхочо эккхийтар а дина. Байинчарах цхьаъ автобуслелорхо ву, вуьйсуш, лазийнарш а цхьаьна, жуьгтийн къомах болу туристаш бу.

Израилан тIеман министро Барак Эхуда дийцарехь, Бургасехь эккхийтар динарг Либанехь туп тоьхна йолу «ХьезболлахI» олу ГIажарийчоьнехьа йолу тоба хила мегаш ю. Амма ГIажарийчоьнан Болгарехь йолчу векалаллан белхахоша дIахьедар дина Израилан векалша дуьйцург бух болуш дац аьлла.
XS
SM
MD
LG