ТIекхочийла долу линкаш

Шемарчу гIаттамхоша караэцна Туркойчоьнца а, Иракъца а долу шайн доза


ТIаьхьарчу дийнахь-бусий Шемахь вийна а, лазийна а ву 248 стаг. Царна юкъара 109 стаг маьрша вахархо ву. France-Presse хаамийн агенталло бинчу хаамца, байинчарна юкъахь ву 93 эскархо а, 46 гIаттамхо а.

Еарин дийнахь гIаттамхоша шайн караэцна Иракъаца а, Туркойчоьнца а долчу дозанехь йолу таллам а беш, дозанах чекхволуьйту меттигаш. Иракъан чоьхьарчу гIуллакхийн министран когаметто аль-Ассади Iаднана дIахьтедар дина, Иракъан а, Шеман а дозанера посташ Iуналла деш ю Маьрша Шеман армино аьлла.

Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа емал дина Цхьаьнакхетначу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Кхерамазаллин Кхеташонан Шема-пачхьалкхехула йолчу керлачу резолюцина тIе Оьрсийчоьно а, Китайно а вето йиллар. Цу документаца а догIуш, дуьненаюкъаралла шор ян дагахь яра Шеман президентан Асад Башаран Iедалшна дуьхьала кхайкхийна йолу санкциш.

Iамеркан президентан зорбан-секретаро Карни Джейс дIахьедар дина, Цхьаьнакхетначу Къаьмнийн Вошвхтохаралла гIорасиз хилла Шемахь долчу хьолах лаьцна сацам бан аьтто ца болуш, цундела Вашингтон дуьхьала латта дагахь ю Шемарчу рожанна, Кхерамазаллин Кхеташо Iад а йитина аьлла. Хьалхо Британин арахьарчу гIуллакхийн министро ХIейг Уильяма элира Оьрсийчоьно а, Китайно а лаьцна йолу позици «геч дан йиш йоцуш ю» аьлла.
XS
SM
MD
LG