ТIекхочийла долу линкаш

12 стаг вийна Iамеркарчу Денверехь



Iамеркехь Колорадо-штатехь йолчу Денвер-гIалахь 12стаг вийна, 50 лазийна кинотеатр чохь, герз а диттина. Хьалхо хаам бинера, велларг 14 стаг ву аьлла. Полицино бинчу хаамаца, газ ца хьахийта лелон туьтмаьжг а йоьллина хиллачу стага кинотетр чохь яржийна бIаьрхиш оьхуьйту газ. Цул тIаьхьа цо хьовсархошна тIе герз диттина.

Полицино бинчу хаамца, и зулам дарна бехке хила мега аьлла, цхьа стаг ву лаьцна. Иза ву 24 шо долу меттигера вахархо Холмс Джеймс. Цуьнгахь карийна топ а, тапча а, урс а.

Хиллачунна комментари еш ша эргIад вахана ву хилларг бахьана долуш аьлла, дIахьедар дина Iамеркан президенто Обама Барака. Зулам даьлачу доьзалшна гIо дийра ду шаьш аьлла, хаам бина цо.
XS
SM
MD
LG