ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Алекссева Людмилин кхаьчна 85 шо



Бевзаш болу политикан а, юкъараллин а жигархой гулбеллера Москох цхьана клубехь Москохарчу ХIельсинкин тобанан куьйгалхо йолу Алексеева Людмила йина де даздан. Цуьнан кхаьчна 85 шо.

Даздаре баьхкинчу нахана юкъахь вара Оьрсийчоьнан омбудсмен Лукин Владимир а, Республикан партин куьйгалхойх цхьаъ волу Касьянов Михаил а, Яблоко-партин куьйгалхо Митрохин Сергей а, ткъа иштта цхьамоггIа дуьненаюкъарчу бакъонашларъярхойн вовшахтохараллийн векалш а. Ша верриг а цу даздаршка кхайкхина вара 200 сов стаг.

Митингех лаьцна долчу керлачу низаманна ша реза ца хилар гойтуш, Алексеева гIоьртира шен юбилей даздарх лаьцна Москох мэрица дагаяла. Цу низамаца а догIуш, Алекссеван накъостий цхьаьнакхетар тида мегаш дара, бакъо а йоцуш, дIаяьхьна йолу акци санна. Амма мэрехь хаам бира, и цхьанакхетар митинган, я демонстрацин кеп йолуш ца хилахь хIумма а хир дац аьлла.
XS
SM
MD
LG