ТIекхочийла долу линкаш

Кхечу мехкийн агентех лаьцначу низаманна тIе куьг таIийна Путина



Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думо тIе а эцна, Федерацин Кхеташоно хьалхо къобал дина долчу коммерци лелош йоцучу вовшахтохараллех лаьцна долчу низаманна тIе куьг таIийна Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира.

Цу низамаца а догIуш, махкал арахьара луш долчу ахчанах болх беш йолчу вовшахтохараллашна статус лур ю «кхечу мехкан» агент аьлла. Цера дезар ду Iедалшна хьлха ша-тайпа жоьпалла лелон. Бакъонашларъярхоша дуьйцу, и низам репрессиван чулацам болу ду бохуш.

Кху деношкахь Пачхьалкхан Думе дIаелла керлачу низаман проект. Цуьнца а догIуш, хIора зорбанан гIирсан дезар ду, шена махкал арахьара ахча луш хилар билгалдаккха.
XS
SM
MD
LG