ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIемало вийна, 2 полисхо лазийна ГIебартойн-Балкхаройчохь



ГIебартойн-Балкхаройчохь боьвзуш боцучу наха герзаш диттина полицин гIишлонна тIе. И бахьана долуш лазийна ву 2 стаг. Царах цхьаъ полицин белхахо ву, ткъа важа ву ларамаза цигахь нисвелла волу меттигера вахархо.

ТIелатар динарш лаха ара баьхна бу полицин ницкъаш.

ГIебартойн-Балкхаройчохь, Куба-Таба олучу эвлана гена доццуш, Шоьтан буса вийна цхьа тIемало. Меттигерчу Iедалша дийцарехь, цо, герз а детташ, тIелатар дина хилла полицин белхахошна.
XS
SM
MD
LG