ТIекхочийла долу линкаш

ГIаттамхошна дуьхьаллатар долийна Асада Шемахь



Димашкъан цхьацца кIошташ дIалийцинчу гIаттамхошна дуьхьал шуьйра тIеман операци дIайолийна ПIераскан сарахь дуьйна Шеман эскаран дакъоша. ПIераскан сарахь «Шеман маьрша армин» тобанаш юхайоьвлла Мидан олучу кIоштIара.

Шеман хаамийн гIирсаш дийцарехь, гIаттамхойх цIанйина кхин а масийтта кIошт. Оппозицин векалша дIахьедарш до, шаьш йинарг «тактикан маневр» ю бохуш.

Хаамийн гIирсаш дийцарехь, тIемаш доьлхуш ду Алеппо-гIалахь а, Шеман Туркойчоьнца а, Иракъаца а долчу дозанехь йолчу чекхволубйьучу пункташна гонаха а. ГIаттамхоша хьалхо дIахьедар динера, и меттагаш шайн карахь ю аьлла.

Цхьанакхетначу Къаьмнийн Вовшахтохараллан инарла-секретаро Бан Ки Муна шен машарабаран операцишкахула волу когаметта Ладсу Эрве хьажийна Шеман пачхьалкха цигарчу хьолана юха а мах хадо. Шоьтан дийнахь кхин а кхоъ Шеман эскарера инарла ведда Туркойчу. Верриг а Асдан армера веддарг ву 24 инарла.
XS
SM
MD
LG