ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIемаш доьлхуш ду Алеппохь



Даханчу шоьтан дийнахь Шеман пачхьалкхехь 130 сов стаг вийна бохуш, дIахьедарш до оппозицин жигархоша. КIиранбуса Iедалан ницкъаша гIаттамхошна дуьхьал операци йолийна Алеппо-гIалахь.

БIаьннаш доьзалш дIабахана гIаттамхоша шайн карахь латтийначу Саладин цIе йолчу къоштIара, цига эскарш чудогIуш. Хаамийн гIирсаш дийцарехь, тIемаш доьлхуш ду ас-Сахур олучу Алеппон-гIалин йистехь.

Карарчу хенахь гIаттамхойн карахь юсуш ю мел-лаххара а кхоъ Иракъан а, Туркойчоьнан а дозанехь йолу чекхволуьйту пункт.
XS
SM
MD
LG