ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бургасехь дина эккхийтар толлуш, кхин а ши стаг лаьцна полицино



Бургас-гIалин кеманпортехь эккхийар деш дакъалаьцна хила мега аьлла, кхин 2 стаг дIалаьцна Болгарин полицино. Меттигерчу Standard Sunday олучу газето бинчу хаамца, и ши стаг гIо деш хилла туристийн автобус оьккхуьйтуш волчу Iожалхочунна.

Царах цхьаъ эккхийтар дан дезаш хилла, нагахь хьалхарчу Iожалхочуьнан иза дан аьтто ца балахь. Ткъа кхолагIниг и шиъ ве дезаш хилла полицин кара ца вахийта.

Болгарерчу Бургас-гIалин кеманпортехь автобус эккхийтар бахаьана долуш вийнарг ву 6 стаг. Царна юкъахь ву Израилера 5 турист а, меттигера вахархо волу автобуслелорхо а.

Израилан Iедалша и тIелатар дарна бехке йина Либанехь туп тоьхна йолу гIажарошна тIехIоьттина йолу «ХьезболлахI» тоба. Болгарин Iедалшна таллам беш гIо деш бу Iамеркера а, Израилера а говзанчаш.
XS
SM
MD
LG