БагΙдадехь а, цунна гонахарчу Иракъан къошташкахь а 90 сов стаг велла, иттаннаш лазийна бала арабевла нах лелхар а, герзахой тΙелатар а бахьана долуш. Оршоьтан дийнахь и тайпа тΙелетарш дина Дулуийях- гΙаларчу тΙеман базана. Иштта дина зуламаш Таджи, Саадиях, Киркук гΙаланашкахь а, кхечу ярташкахь а.
Лелхийтаршкахь а, герзаш детташ а динчу тΙелетаршкахь беллачаьрца ву иттех Ιедалан ницкъийн векал. Бехк шена тΙе ца эцна цхьаммо а. Амма хьалхо Иракъерчу Ал-Кхаидан тобано дΙахьединера, ша бекхаман мур гΙаттор бу кестта, аьлла.