ТIекхочийла долу линкаш

Цапок Сергей а, цуьнан гΙера а



Краснодар-мехкан Кущевская-станицехь 12 стаг верах долу дов теллина даьлла, аьлла хаам бина Къилбаседа Кавказерчу талламан комитето.

Кхеле озор ву зулам динчу гΙеран хьалханча Цапок Сергей а, цуьнан накъостий Алексеев Владимир а, Черных Игорь а, Запорожец Владимир а, Николай Цапок а. Ткъа лидерна Цапокна тΙехь кхин а 6 цΙий ду, боху талламчаша. Цара дийцарехь, талламаш беш Кранодар-махкана луларчу Ростовн-махкахь а, ХΙирийчохь а лебан дезна нах.

2010-чу шеран гурахь Кущевскехь, цΙе а тесна, догучу цхьана цΙа чохь вийна карийра 12 стаг, шайлахь 4 бер а долуш. ХΙусамда, фермер Ахметов Сервер а, цуьана доьзал а, лулахой а бара байъинчарна юкъахь.

Масситта шарахь, нахана тΙе ял а юьллий, уьш хьийзош лелла хΙинца кхеле ялош йолу гΙера. Оцу юкъанна гΙеран лидер Цапок Сергей депутат а хилла къоштан куьйгалаллехь.
XS
SM
MD
LG