ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Леш бу шемахой юха а



Шемахь, йоккхаллийца шолгΙа ларалучу Алеппо-гΙалахь дерриг а дийнахь тΙемаш лаьттира опозицинний, Ιедаланний ницкъашна юкъахь. Дуккха а ракеташ, яккхий тоьпан хΙоьънаш эгна гΙалина тΙе. Лаххара а вийна тΙематасадаларшкахь 33 стаг.

Луларчу Урдуно хаам бина, шен латта тΙе, доза а хадош, ведда 5 эзар мухΙажир веъна тΙаьххьарчу кхаа дийнахь, аьлла. Верриг а тΙамах ведда цу пачхьалкха кхаьчнарг ву 140 эзар шемахо. Оцу юкъанна Шемарчу гΙаттамхоша орца доху, Асад Башаран Ιедал химин герз тоха дагахь ду, бохуш. Ткъа хьалхо президентан Асадан агΙоно даржийра, ша арахьарчу мостагΙчунна бен дуьхьалдоккхур дац иза, аьлла.
XS
SM
MD
LG