ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бан Ки Мун Косово веъна



Хан хьалхо Европано а, Ιаьмеркано а йозуш цахилар къобалдина йолчу Косово-махка дуьххьара веъна Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин инарла секретарь Бан Ки Мун. Цуьнан визитан Ιалашо ю Косовохь албанхошца цхьана баха бисинчу меттигерчу сербашца гΙоьртина лаьтта юкъаметтигаш тоян.

Шахьарахь Приштинехь къамел деш Бан Ки Муна вовшашца къинхетаме хиларе кхайкхира пачхьалкхехь деха ший а къам. Юьхьанца Сербехь а хилла, цигахь кΙиранаш хьалха хаьржинчу президентца Николич Томиславца цхьанакхеттачул тΙаьхьа веъна Косово Бан Ки Мун.
XS
SM
MD
LG