ТIекхочийла долу линкаш

Кизил-Юьртахь 3 стаг вийна Ιедалан ницкъаша



Дагестанерчу Хасу-Юьртан кΙоштарчу Керла Костек юьртарчу цхьана цΙенна тΙе деза герзаш а диттина 3 стаг вийна Ιедалан ницкъаша леррина барамаш дΙахьош. Уьш Абу Муаз шех олуш хиллачу, деношкахь шаьш вийначу Кизил-Юьртарчу амиран Темирбеков Темирбекан гонера бу, чΙагΙдо Оьрсийчоьнан террорна дуьхьалолатторан комитето.

Херцаршна бухахь герзаш диттинчул тΙаьхьа шаьш вийна карийначу кхааннах шиъ вежарий АлиевгΙар – Курбан а, Шахьбан а ву, хаам бина ницкъахоша.
XS
SM
MD
LG