ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Асадан эскарша отуш ю Алеппо



Шемин Ιедалан эскарша, беракеманех пайда а оьцуш, шинарий дийнахь хьаша болийна пачхьалкхехь йоккхаллийца шолгΙа ларалучу Алеппо гΙалара халкъан гΙаттам. Оцу юкъанна Туркойчоьно дΙахьедина ша шен Шемица долчу дозанах чекхйийла доьхку цигаша кир дΙасалелочу машенашна, аьлла.

И дехкар лелар ду кхечу кхоалгΙачу пачхьалкхашка йоьлхучу машенашна, билгалдаьккхина туркойн дозан-ял яккхаран урхаллин куьйгалхочо Язичи Хаятис.

Шемарчу оппозицин хьостанаша хаам барехь, Алеппо-гΙалахь кхаарий дийнахь а лаьттина тΙом. Цара дийцарехь, Ιедалан ницкъаша Демаьшкан йистошна а дина ракетийн а, артиллерийн а тохарш. Бевдда цигарчу бахархойх бΙеннаш доьзалш.

Оьрсийчоьнан арахьарчу гΙуллакхийн министралло дΙахьедина, Москох тешийна Шемин Ιедалша, шаьш химин герз чоьхьара хьал луьстуш юкъадоккхур дац, аьлла.
XS
SM
MD
LG