ТIекхочийла долу линкаш

Мирзаевн кхел йолаелла



Москох кхаарий дийнахь дΙайолаелла дуьненан чемпионна самбистна дагестанхочунна Мирзаев Расулна тΙехь ен кхел. Стохка аьхка, цо буй тохар бахьана долуш, велла лору талламчаша Москох ваьхна волу Агафонов Иван.
Шена тΙекховдош болу бехк кхетабо ша, амма и тΙе ца лоцу, элира Мирзаевс шена деллачу дашехь.

Юьхьанца йиллина ю аьлла кхайкхийначу кхелан цΙа чуьра арабехира журналисташ. Тергамхошна хетарехь, лаккхара таΙзар такха тΙедожор ду суьдхоша Мирзаевна.
XS
SM
MD
LG