ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемин шина шахьарахь тΙом лаьтта



Марсабевлла тΙемаш бу боьлхуш Шемахь Ιедаланний, оппозицинний ницкъашна юкъахь. ТΙеман аре ю шахьарахь Демаьшкахь а, йоккхаллехь мехкан шолгΙачу гΙалахь Алеппохь а. Ялх дийнахь тΙемаш бича шен карахь юьсуш ах Алеппо ю, дΙахьедина оппозицино. Бозуш боцу хаамаш кхаьчна бац цкъачунна.

ГΙаттамхоша дийцарехь, Ιедалан беракеманаш а ду царна тΙе ракеташ етташ. Оцу кеппара бу Демаьшкахь эскаршна дуьхьал лаьттачийн могΙаршкара хаамаш а. Дахначу кΙиранах лаккхара виъ эпсар вийначул тΙаьхьа марсабевлла тΙемаш Демаьшкахь.
XS
SM
MD
LG