ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маршонца йогийла Олимпан цΙе!



ТΙеман гΙайгΙанех маьрша долу массо а адам а ду кху сохьташкахь Лондонехь дуьйлалучу Олимпан ловзаршна тΙе тидам хьажина Ιаш. Церан схьаделларш хир ду, Нохчийчуьрчу хенаца аьлча, буса 12 сахьт даьлча. Лондонехь оцу суьрте хьожуш хир ву 80 эзар стаг. Ткъа телевизионашкахула гур ду Олимпан цΙе хьалалатош 1 миллиард дуьненан вахархочунна.
Кхаа сохьтехь яхлур йолу и спектакль хΙуттур ю Лондонерчу керла Олимпан стадионехь. 16 дийнахь лаьттар ду спорта къовсадаларш. Олимпан цΙе латон сий хьанна кхаьчна цкъачунна къайленехь кхобу Лондоно.
XS
SM
MD
LG