ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Алеппора тΙом – Шемарчу тΙемийн нана



Оцу юкъанна тΙемаш лаьтта Шемарчу йоккхаллехь шолгΙа ларалучу Алеппо гΙалахь. Бахархой а, гΙаттамхой а кхоьру Ιедалан ницкъаш кху сохьташкахь юха а шайна тΙелатарна. Оппозицино чΙагΙдарехь, карарчу ханна ах-гΙала ю цуьнан карахь.

ТΙаьххьарчу дийнахь масситтаза, даккхий дараш а деш, тохарш дина гΙалина эскарша а, Ιедалан беракеманаша а. Алеппона гонаха оьзна президента Асад Башара шен тоьлла тΙеман дакъош. Иштта тΙеоьхуш бу гΙала гΙаттамхойн ницкъаш а. Цара билгалдоккху, тахана Алеппохь лаьтта тΙом гΙаттамхоша мел бинчу тΙемийн а нана ала тарлуш тΙом хилар.
XS
SM
MD
LG