ТIекхочийла долу линкаш

Герзаш дохкар лагΙдаран барт



Герзаш дохкар гатдан леринчу Бертан проект яржийна Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн куьйгалалло 80 пачхьалкхан векалшкахула. Дуккхаъчу политикаша а, бакъонаш ларъечу Амнести Интрнешнл, Оксфам юкъараллаша а дΙахьедо, кечдина документ ледара ду, цо тΙех баккхий хийцамаш ца бохьу дуьнентΙехула, дуьхьалонаш а йоцуш, герзаш даьржаш хиларна, бохуш.

Герзаш дохкаре болу шайн хьажам ца бовзийтина Цхьанатоьхначу Штатийн, Оьрсийчоьнан, Китайн, Ингалсан, Францин официалан векалша. Оцу хьокъехь бакъоларъярхоша кехат дахьийтина Обама Бараке, алссам адам дуьйш долу герзаш а, х1оьънаш а дохкар доьхку позици цуьнга лацар доьхуш.
XS
SM
MD
LG