ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ιедало 7 стаг вийна Дагестанехь



ХΙинжа-ГΙалина уллерчу Альбурикент-юьртахь ницкъахоша дΙахьош хилла тΙеман барам бирзина ворхΙ стаг верца. Еарий сарахь болийна бара иза ФСБ-но а, полицино а. Байъинчех 3 къона зуда ю, Ιедало вахΙабхойн могΙаршка баьхна а, кест-кеста лоьцуш хьийзина а бара уьш.

Царех цхьамма, Юсупова Саидата, ша кара йоьду аьлла, гобинчу цΙа чуьра ара а яьлла, Ιедалхошна тΙейоьдучу муьрехь ша-шен эккхитина. Даккхий герзашца херцийначу цΙийнан аьхкаш дΙасайохуш бара ницкъахой пΙераскан буса а.
XS
SM
MD
LG