ТIекхочийла долу линкаш

ВоьалгIа нохчо а "гучуваьлла" Лондонерчу олимпахошлахь




Боксер Бетербиев Артур, охьатохархлатархо Отарсултанов Жамал, штангист Аухадов Апти воцург, воьалгIа нохчо а ву Лондонерчу Олимпан къавсадаларшкахь дакъалоцуш - паргIат охьатохархлатархо, Европан а, дуьненан а, 2008-чу шеран Пекинеру Олимпан ловзарийн а чемпион Шахин Рамазан. Иза хIинца Туркойчоьнан вахархо ву, амма 2006-гIа шо кхаччалц, Ирбайханов Рамзан а волуш, ваьхна Хасу-Юьртахь.
XS
SM
MD
LG