ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Олимпиада йолаелла




Дуьненаюкъарчу Олимпан къовсадаларийн кхузза чемпион волчу ингалхочо Уиггас Брэдлис 27 тонна беза болу Олимпан горгали бекорца дуьйладелла Лондонерчу керлачу Олимпан стадион тIехь ХХХ-гIа аьхкенан ловзарш.

Iаламат хаза кечйина дIаяхьира Олимпан шоу артисташа а, спортхоша а. Схьаделларшка баьхкинчу 80 эзар хьажархошлахь бара Ингалсан паччахь Елизавета ШолгIаниг, 200 пачхьалкхан куьйгалхой.

Кхо нохчо ву Оьрсийчоьнан олимпахойн тобанехь. ВоьалгIа нохчо а ву Олимпиадехь къовсалуш - Туркойчуьра паргIат охьатохархлатархо, Пекинерчу олимпиадан чемпион Шахин Рамазан.

16 дийнахь лаьттар ду 205 пачхьалкхара спортхо къовсалуш волу Олимпан ловзарш.

XS
SM
MD
LG