ТIекхочийла долу линкаш

Нальчикерчу тутмакхийн гΙаттам



Нальчикерчу нах ханна лецна кхобучу набахтехь маситта дийнахь мацалла кхайкхийна Ιийна 300 тутмакх. Уьш реза боцург дара, цара чΙагΙдарехь, набахтехь туберкулез а, кхидолу пехийн лазарш а долчуй, могуш болчуй нахана кхача луш лелаен пхьегΙаш набахтерчу куьйгалалло къестош цахилар.

Протест билгалйоккхуш, 350 наштар кад а, Ιайг а бохийна тутмакхаша. Хьал теллина прокуратуро а, юкъараллерчу тергамхоша а. Акци цкъачунна йирзинехь а, набахтин дай къар ца белла – цара дацаре до лецначийн аьрзнаш. Резабоцчех цхьана декъанна белла шайнна цΙе тоьхна керла кедаш.
XS
SM
MD
LG