ТIекхочийла долу линкаш

Бэсеску волуш лаьтта шегарчу даржах



Румынехь референдум яра кΙирандийнахь дΙахьош. Президент Бэсеску Траян даржах ваккхар дара халкъе хоттуш. Хьалхо Европан а, Ιаьмеркан а Ιедалша дΙахьедора цо Румыни демократин новкъара яьккхина, бохуш. Иштта цунна дуьхьал яра шен министрийн кабинет а. Бэсеску реза вац шена бехкедечуьнца – референдумна дуьхьало яре кхойкхура цо халкъ.

Президент даржах вохон пачхьалкхара ах харжамхой хила беза референдумехь дакъалоцуш. ЖамΙаш билгалдевр ду тΙаьхьо. Нагахь санна халкъо Бэсескуна тешам луш бацахь, керла президента харжамаш хΙиттон безар бу Румынехь.
XS
SM
MD
LG