ТIекхочийла долу линкаш

ТΙеман цΙергахь йогуш ю Алеппо



Шемарчу Алеппо-гΙалахь марсабаьлла боьдуш бу тΙом. Ах-ах гΙала ю Ιедалан эскарийнний, царна дуьхьаллаьттачу оппозицинний карахь. Ιедалан кеманаша а, беракеманаша ракеташ, бомбанаш кхуьйсу Алеппона тΙе. ТΙама кΙел, бовда аьтто боцуш бисина гΙалин 2 миллион бахархойх дукхахберш. ТΙом беш а, тΙеоьгучу герза кΙел а белларш бу, шина а агΙнан хьостанаша хаам барехь, бΙе гергга.
XS
SM
MD
LG