ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ши стаг вийна ГIалгIайчохь


Мел-лаххара а ши стаг вийна ГIалгIайчохь Галашки-эвлахь, бомба а иккхина. Иза хилла цхьана нехан хIусамехь. Эккхар хилар бахьана долуш цIа, дерриг а аьлча санна, дохийна.

ГIалгIайчоьнан ницкъаллин структурийн белхахоша дийцарехь вийна ши стаг уьйраш йолуш хилла тера ду тIемалойн тобанашца. Царна хетарехь, эккхар хилла цаьршимма куьйга йина бомба вовшахтосуш.

Цу хIусаман дай цIахь ца хилла и бохам хуьлуш. Байинарш муьлуш бу хууш дац.
XS
SM
MD
LG