ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Алеппохь совцуш дац тIематасадаларш



ГIаттамхошна а, Шеман эскаршна а юкъахь тIематасадаларш дIадоьлхуш ду Алеппо-гIалахь. Ши а агIо дIахьедарш деш ю, шаьш толам боккхуш ду бохуш.

КIирандийнахь Шеман Армин векалша дIахьедар дира, кху тIаьхьарчу кIирнах гIаттамхойн карахь хилла йолу, СалахIеддин олуш йолу кIошта дIалаьцна шаьш аьлла. Оппозицин жигархоша чIагIдо, мостагIчуьнан тIелатар юхатоха аьтто баьлла шайн бохуш.

Цхьаьнакхетначу Къаьмнийн Вовшахтохаралло бечу хаамца, Алеппо-гIалара дIавахана 200 эзар сов стаг.

Францин арахьарчу гIуллакхийн министро Фабиус Лорана дIахьедар дина Цхьаьнакхетначу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Кхерамазаллин Кхето кхайкха дагахь ду шаьш, Франци Марсхьокху-баттахь цу кхеташонан гIантада дIахIоьттинчул тIаьхьа аьлла.
XS
SM
MD
LG