ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Румынера референдуман ца хилла аьлла, сацам бина харжамийн комиссино



Президент Бэсеску Траян даржера дIаваккхарх лаьцна йолу референдум ца хилла лерина харжамийн комиссино. Цуьнан векалша дийцарехь, цу кхажтасарехь дакъа лаьцна 46 процент харжамхоша. Низамца а догIуш, уьш хила безаш бара 50 процент сов.

ХIинца и жамIаш тIечIагIдан дезаш ю мехкан Конституцин кхел. КIирандийнахь, журналисташна хьалха вист хуьлуш, Бэсескус дIахьедар дина бахархоша референдум харц йина, харжамийн каппашка а ца баьхкина.

Президентан дуьхьалончо премьер-министра Понта Виктора шен агIор дIахьедар дина, шаьш толам баьккхина аьлла. Цо чIагIдарехь, Бэсеску кхин дIа а президент висарна дуьхьал кхаж тесна 87 процент референдумехь дакъа лаьцначу харжамхоша.

Румынин президент Бэсеску даржера дIаваьккхира Парламенто. Нагахь референдуман жамIаш тIечIагIдахь, иза шен даржехь вуьсур ву 2014 шо тIекхаччалц.
XS
SM
MD
LG