ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Электросерло йоцуш бисина Индин ах бахархой


Мел-лаххара а 600 миллион стаг ток йоцуш висина Индехь. Уьш ах бахархой бу, цу махкахь бехаш болу. Электросерло дIаяьлла 19 штатехь. Царна юкъахь ю Индин коьрта гIала Дели а, уггара яккхийчу гIаланашна юкъахь кхоалгIа меттиг дIалоцуш йолу Калькутта а.

Делихь сецна ю транспорт. Калькуттехь шахтана чохь висина ву 300 сов къорабаккхархо. Уьш хьала баха аьтто бац, ток йоцуш лифташ болх беш ца хиларна.

И бохам эккхарна бехке бу тIех сов тоьках пайда оьцуш болу бахархой аьлла, дIахьедар дина Индин Iедалша.
XS
SM
MD
LG