ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIемаш совцуш бац Алеппохь



Алеппо-гIалахь, полицин постана тIе а летна, 40 стаг вийна гIаттамхоша. Цуьнах лаьцна хаам бина Лондонехь туп тоьхна болчу Шемарчу бакъонашларъярхоша.

Цара чIагIдарехь, Шинарин Iуьйринна гIаттамхойн ницкъаша Салхин а, Захра а кIошташкахь тIелатар дина тIеман кхелан а, ХIаваъан тIеман ницкъийн штабан а гIишлонашна.

Шинарин буса Асад Башаран муьтахь долчу эскарша яккхийн тоьпаш а, ракеташ а йиттина Алеппон кIошташна тIе. Дуьненаюкъараллан миссин декъашхоша бинчу хаамца, гIаттамхошца тIемаш дIахьуш, Iедалан ницкъаш пайда оьцуш бу тIеман беркеманех а, танкех а, яккхийчу тоьпех а.
XS
SM
MD
LG