ТIекхочийла долу линкаш

КъахIирехь визит дIахьош ву Панетта



Мисаран коьртачу гIала КъахIире визитаца кхаьчна Iамеркан тIеман министр Панетта Леон. Цигахь иза дийцарш дIадахьа дагахь ву Мисаран президентаца Мурси Мухьаммадца а, тIеман министарца Тантауи Хьусейнаца а.

Къайчу ЦIийно динчу лерринчу дIахьедар тIехь аьлла ду, Iамеркан тIеман министро еш йолчу визито гайта дезаш ду, Мисаран Iедалш дIахьуш йолчу политикан реформашна Цхьаьнатоьхна Штаташа гIортор еш хилар, аьлла.
XS
SM
MD
LG