ТIекхочийла долу линкаш

Путине политикан тутмакхаш дIахецар доьха Британин политикаш


Политикан тутмакхаш сихонца дIахеца аьлла, Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире кхайкхам бина цхьамогIа Британерчу политикаша а, юкъараллин жигархоша а. Царна юкъахь бу Британин хилла болу арахьарчу гIуллакхийн министарш Рифкинд Малколм а, Мэлибэнд Дэвид а, режиссер Гиллиам Терри а, кхиберш а.

Церан кехат зорбане даьккхина Times-газето. Британерчу политикаша а, юкъараллин жигархоша а политикан тутмакхаш санна буьйцуш болчу нахана юкъахь ву ЮКОС-ан куьйгалхо хилла волу Ходорковский Михаил а, Pussy Riot-тобан декъашхой а, «Другая Россия» боламан жигархо Осипова Таисия а, кхиберш а.

Еарин дийнахь Британе белхан визит ян дагахь ву Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир.
XS
SM
MD
LG