ТIекхочийла долу линкаш

Боснехь муфтин дарж къовсуш ву 5 стаг


Бусулба юкъараллин кьуйгалхочуьнан дарж къовсуш ву Боснехь 5 стаг. Уьш бу Тузла а, Травник а, Сараево а, Зеница а гIалийн муфтиш а, ткъа иштта Зеница-гIалара Ислам-динан профессор а.

Карарчу хенахь Боснехь а, Герцеговинехь а муфтий ву 60 шо долу Церич Мустафа. Иза цу дарже хIоьттинера 1993-чу шарахь. Амма кху шеран Лахьан-баттахь чекхйолуш ю цуьнан муфтин даржехь йоккхуш йолу шолгIа хан.

Керла муфтий хоржур волуш ву Боснехь Гезгамашин-баттахь.
XS
SM
MD
LG