ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Страсбургехула чекхдевлла бехк-такхаман гIуллакхаш талла лууш яц Оьрсийчоь


Лондонехь туп тоьхна йолчу Европерчу адамийн бакънашкахула болчу адвокатийн центро а, Оьрсийчурчу Мемориало а керла, ша-кепара проект йолийна, Оьрсийчоьно адамийн бакъонаш талхорах лаьцна йолу. Дуьйцург ду Оьрсийчоь талла лууш ца хилар 2000-чу шарахь Котар-Юртахь, бомбанаш а йиттина, нах байар. Оьрсийчоь бехке еш ю Страсбургерчу Кхело бинчу сацамех йоьзна йолу кеп йохорна.

2010-чу шарахь тIеэцначу механизмаца а догIуш, нагахь Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело бина болу сацам пачхьалкхо кхочуш ца бахь, Европан Кхеташонан министрийн комитетан бакъо ю и гIуллкх юха а Европерчу суьде юхадерзо.

Амма нохчех хьакхалуш болу дуккха а Страсбургерчу кхело бина болу сацамаш ца толлуш битина Оьрсийчоьно. Цул сов, Оьрсийчоьнан низамашца а догIуш 10 шо даьлча, дукха хан яьлла аьлла, ца толлуш дита бакъо ю и тайпа бехк-такхаман гIуллакхаш.

Цундела мехала ду сихха Котар-Юртахь адамаш дайар санна долу гIуллакхаш Оьрсийчоьне таллийтар. Цунна тIехьажийна ду Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу адвокатийн центро а, Оьрсийчурчу Мемориало деш дерг.
XS
SM
MD
LG