ТIекхочийла долу линкаш

Ал-Кхайдин декъашхо хила мега аьлла, кхо стаг лаьцна Испанехь



Ал-Кхайда олучу терроран тобанан декъашхо хила мега аьлла, кхо стаг лаьцна Испанин полицино Кадис-провинцехь. Хаамийн гIирсаш дийцарехь, царах цхьаъ турко ву, важа шиъ нохчи ву. Амма и хаам тIечIагIбина бац.

Полицино бинчу хаамца, цу кхаа стагехь карийна саьмгар а, дIоьвшаш а. Кху тIаьхьарчу шерашкахь Испанерчу полицин белхахоша масийтта стаг лаьцнера экстремисташ хила мега аьлла, шеко йолуш. Амма царна дуьххьара карийна лелхийтарш дан аьтто беш долу саьмгар.

Мадридехь хиллачу зорбанан конференцехь дакъа лаьцначу Испанин чохьарчу гIуллакхийн министро Диас Фернандеса дIахьедар дира, шаьш дIалийцинарш тIелатар кечдеш хилла хила мега Испанехь, я цхьана Европерчу пачхьалкхехь.

2004-чу шарахь Мадридехь, цIерпошнекъан тIехь эккхийтар а дина, вийра 191 стаг. Иза шаьш дина аьлла, дIахьедар дира Ал-Кхайдин векалша.
XS
SM
MD
LG