ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Визитаца Британе вахана Путин



Белхан визитаца Лондоне вахана Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир. Лондонехь иза цхьаьнакхетна Британин премьер-министарца Кэмерон Дэвидца.

ЦултIаьхьа и шиъ стадионе вахара Олимпин къовсадаларшка хьажа. Оьрсийчоьнан куьйгалхо дуьххьара веана Британе кху тIаьхьарчу 7 шарахь.

Москохан а, Лондонан а юкъаметтигаш телхира 2006-чу шарахь, полоний олуш долу дIовш а малийна, Лондонехь ФСБ-н эпсар хилла волу Литвиненко Александр вийначул тIаьхьа.
XS
SM
MD
LG