ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мацалла ловш бу Къилбаседа Корейн бахархой


Цхьаьнакхетначу Къаьмнийн Вовшахтохаралло бинчу хаамца, сихха кхачанца гIо дар дехна дуьненаюкъаралле Къилбаседа Корейно. Цу пачхьалкхера нах мацалла лош бу, дукхах хан йоццуш цигахь хиш тIетовлар бахьана долуш ялтанаш хIаллак хиларна.

Къилбаседа Корейн Iедалша дийцарехь, и бохам а хилла велларг ву 119 стаг. Иттаннаш эзарнаш нах арахь бисина. Хиш тIедовлале Къилбаседа Корейхь хIоьттинера масийтта баттахь яхъелла йолу йокъо.

Дуьненаюкъарчу ЦIен ЖаIро хаам бина, Къилбаседа Корейн бахархошна гIо дан 300 000 доллар лур ду шаьш аьлла.
XS
SM
MD
LG