ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Беларусера араваькххина Швецин векал


Швецин арахьарчу гIуллакхийн министро Бильдта Карла дIахьедар дина Швецин Минскехь волу векал араваьккхина Беларусера аьлла.

Бильдта дийцарехь, дипломат махкар ваккхаран бахьана ду, цо Беларусехь адамийн бакъонаш ларян езаш хиларх лаьцна сих-сиха дIахьедарш деш хилар.

Министарна хетарехь, Беларусин Iедалша лелош дерг эргIада хIума ду. Шен агIора Швецино цIа хьажош ву Беларусин Стокгольмехь волу векал а, кхин а цу мехкан ши векал а.
XS
SM
MD
LG