ТIекхочийла долу линкаш

Кхоччуш эгIаш ву Евкуров а, Кадыров а



ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека тIе ца дитина шаьш шайн республикехь тоам боллуш террораца къийсам дIахьош бац, аьлла, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дина дIахьедар.

«Интерфакс» агенталлана ша еллачу интервьюхь, Евкуровс дIахьедина, тIемалошца «къинхетам боццуш къийсам латто» беза, амма Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан шен метод ю, ткъа шен цу къисаман кхин кеп ю, аьлла. ГIалашкахь кхо тIемало валарна гонаха даьлла ду Евкуровн а, Кадыровн а и дов.

Евкуровс, иза ларамза хилла эккхар дара, боху. Ткъа Кадыровс чIагIдо, тIемалой байъар шаьш леррина дIаяьхьна операци яра, бохуш.
XS
SM
MD
LG