ТIекхочийла долу линкаш

Имаратан тIемалоша шайна тIелаьцна ГIезалойчурча диндайшна дина тIелетарш


Кавказ Имаратан тIемалоша шайна тIелаьцна ГIезалойчурча диндайшна дина долу тIелетарш. "Кавказ центр" олучу сайт тIехь Мухьаммад ву ша бохуш волчу стага дуьйцу Товбеца-беттан 19-чу дийнахь Казанехь дIаьяхьна операци, цо ма-аллара аьлча,ша омра а делла, "делан мостагIашна" дуьхьал дIаяьхьна яра, бохуш.

Мухьаммада чIагIдарехь, иза ву «ГIезалойчоьнан муджахIидийн эмир». Ша дагахь ву боху цо, кхин дIа а и тайпа тIелетарш дан. Товбеца-беттан 19-чу дийнахь Казанехь, эккхийтар а дина, лазийра ГIезалойчоьнан муфтий Файзов Илдус, ткъа цуьнан когаметта хилла волу Якупов Валиулла вийра, герз а тоьхна.

Официалан хаамца, и зулам дарна бехке хила мега, аьлла, лаьцна ву 7 стаг. Кхин а ши стаг – Валеев Роберт а, Мингалеев Раис а лехаме велла ву.
XS
SM
MD
LG