ТIекхочийла долу линкаш

Шемара дуьххьарлера астронавт Фарис оппозице ваьлла


Шемара дуьххьарлера астронавт Фарис Ахьмад Мухьаммад оппозице ваьлла. Иза КIирандийнахь кхаьчна Туркойчу. Цуьнах лаьцна хаам бина туркойн хаамийн гIирсаша.

Карарчу хенахь саццаза тIемаш доьлхуш ду Алеппохь. Хаамийн агенталлаш дийцарехь, Iедалан ницкъаш пайда оьцуш бу яккхийн тоьпех а, тIеман кеманех а. ГIажарийчоьнан дипломаташа а, Шеман телевизионо а бехке йина гIаттамхойн тIеман тобанаш Димашкъана генадоццуш зиярте веана волу 48 гIажаро закъалтана лацарна.

Шайн агIора «Шеман маьрша армин» векало дIахьедар дина шаьш дIалийцина болу гIажарой Шемахь таллам бан баьхкина хилла болу ГIажарийчоьнан Исламан революцин гIаролхойн корпусан белхахой бу аьлла.
XS
SM
MD
LG