ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьхьалонан митинг хилла Казанехь



ГIезалойн диндайшна тIелетарш дина аьлла, нах дIалийцарна дуьхьал хьажийна йолу митинг хилла КIирандийнахь Казанехь. Интерфакс-агенталло бинчу хаамца, Iедалша бакъо а елла, дIаяьхьначу цу акцехь дакъа лоцуш вара 200 гергга стаг.

Митинг вовшахтоьхнарш бара «Азатлык" цIе йолчу гIезалойн кегийрахойн бертан декъашхой а, "Ал-Ихлас" олучу Казанерчу маьждиган куьйгалхой а.

Товбеца-беттан 19-чу дийнахь Казанехь, эккхийтар а дина, лазийра ГIезалойчоьнан муфтий Файзов Илдус, ткъа цуьнан когаметта хилла волу Якупов Валиулла вийра, герз а тоьхна.

Официалан болчу хаамца, и зулам дарна бехке хила мега аьлла, лаьцна ву 7 стаг. Кхин а ши стаг – Валеев Роберт а, Мингалеев Раис а лехаме велла ву. Уьш вахIабхой олу нах бу бохуш, чIагIдо Iедалша.
XS
SM
MD
LG