ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанехь дIабаьстина цIерпоштнекъ


Дагестанехь ГIизлар-кIоштахь Комсомольское олучу эвлан йистехь 200 сов меттигерчу вахархочо, некъ а къоьвлина, сацийнера цIерпошташ дIасалелар. Цара доьхург дара, Шоьтан дийнахь лачкъийна волу шайн юьртахо схьалахар.

Дагестанан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бинчу хаамца, лар йоцуш вайнарг ву Комсомольское-юьртара вахархо Хайрулаев Адам. Полицино иза лаха волийна. Цуьнан юьртахоша цултIаьхьа дIабаьстина шаьш къоьвлина болу цIерпоштнекъ.
XS
SM
MD
LG