ТIекхочийла долу линкаш

Премьере президент вохаве боху Пакистанан кхело



Хьалхо Пакистанан Лакхарчу кхело мехкан премьер-министр Первез Ашраф Раджа декхаре винера шайн президентна Зардари Асифна дуьхьал иза коррупционер хилар толлу гΙуллакх юхагΙаттор. Амма Первеза иза кхочуш ца дина. Оцу хьокъехь Лакхарчу кхело тΙекхайкхина иза, бахьанаш довзийта.

Ши бутт хьалха оццу шайн президентера Зардаригара девлла зуламаш тидам а боцуш дитарна, кхело даржах вохийра Первезал хьалха премьер лаьттина Гилани Раза Юсуф. Кхело кхо кΙира хьалха тΙедожийра Первезна Швейцарерчу Ιедалшка Зардарин банкера ахчан бух бехкар деха. Ткъа Пакистанан Ιедалан дайшна хетарехь, Зардарин, и президент хиларе терра, кхелах хьалха воккху иммунитет ю.
XS
SM
MD
LG